Говрахь ГӀизлара ара а волий, геннахь йолчу раьгӀнашка, царна дехьарчу лаьмнашка дӀахьоьжура Александр. «Цигахь йу-кх со вина йурт. Муха ду-те цигахь? Дийна вуй-те цхьа а со дагавогӀург? Гича вевзар варий-те?» – ойланаш хьийзара коьрте.
Николай Николаевичана ца хаалуш ца дисира ша кхиочу, шена везавеллачу кӀантана лууш дерг.
ШолгӀачу дийнахь, малх кхетаза а болуш, лома боьдучу новкъа вогӀура ши бере.
Некъ кӀезиг хьешна гора, шина а агlop йаьлла баьццара буц йара, йуккъехь наггахь кӀайн, цӀен зезагаш а долуш. Некъана цхьа гӀулч нацкъара ваьлча, кога лар а йоцуш йуькъа хьун лаьттара, тайп-тайпанчу олхазарша шакарш а йетташ.
Раевскийс йийцинчу йуьртан йисте кхечира ши бере. Делкъхан хуьлуш лаьттара.
– ХӀара йу-кх и йурт.
Сихделла тохаделира Александран дог. «Сан йурт... хӀара йу-кх со вина йурт», — бохура цуьнан балдаша. Леррина дӀахьежарх девзаш хӀума дацара. «Комарийн дитт... дитт мукьана а гахьара», — хьаьвзира коьрте.
Йуьртах чувуьйлира ши бере.
– Схьахетарехь, хӀокху новкъа иштта дӀавахча, дара-кх тхан цӀенош, – элира Александра.
Йуха а, меллаша говраш йохкуьйтуш, йуьртан кхечу урамехула вогӀура ши бере.
Цхьана меттехь цӀенош лаьттина хилла ах дохийна пенаш гира