Вопрос:

Къечу стага сарралц некъ бира. МаьркӀажан бода къовлало хан йара. Къехо а, цуьнан говра – ший а кӀадделлера. Некъаца ворда нацкъар а йаьккхина, буьйса йаккха сецна стаг гира цунна. Иза хиллера совдегар. Мискачу стага, тӀе а вахана, салам делира. Совдегар йоккха баккхал¹ а йахьаш вогӀуш хиллера. Цо мискачу стаге аьлла, арахь Ӏарж а йелла, буьйса йаккха новкъахь сецна ша. Къехо а резахилла буьйса йоккхуш цигахь саца. И шиъ, хан йаллалц къамелаш деш а Ӏийна, хӀума а кхаьллина, набарна дӀавижина. Мискачу стеган кхел совдегаран вордана йуххе а йахана дӀайижина хиллера. Оцу кхело сахилале бекъа йина. Миска стаг Іуьйранна самавелира. Цунна гира шен кхело йина жима бекъа. Хазахеттачу къехочо, совдегар сама а ваьккхина, цунна бекъа дӀа а гойтуш, элира: – Хьажахьа, сан кхело сийсара бекъа йина! Совдегара, шен йуьхьа тӀе куьг а хьокхуш, мекх схьа а лоцуш, мискачу стаге аьлла: – И бекъа кхело йина, моьтту хьуна?! Ткъа стен йина и? Ца вешаш вела а къежна, совдегаро жоп делла: Баккхал – йохка йахьаш йолу кег-мерса хӀуманаш.

Смотреть решения всех заданий с листа

Ответ:

Краткое пояснение: В данном отрывке описывается история о том, как кхело (судьба) бедного человека сыграла с ним злую шутку, разделив ворду богатого торговца, что подчеркивает ироничный и неожиданный поворот событий.
ГДЗ по фото 📸
Подать жалобу Правообладателю