Ответ:
Даймохк боцу стаг а, велларга цхьаь ву. Даймохк – иза адаман синоним йу. Даймохк – иза дена-нанна санна, уггаре а гергара, деза ду. Адамаш шайн Даймохк ларбеш, цуьнан паргIато ларйеш тIамехь кхелха. Шайн Даймохк битина дIавахханчо генара цунна сагатдо, даимна дагахь латтош. Нохчийн Республикин Президентан Кадыров Рамзанан дашо дешнаш ду: «Даймохк – иза вайн цIий, вайн са». И дешнаш даиман а вайн дагахь латто деза. Даймохк ларбан а беза, цунна тешаме хила а веза.