1. Аьхка цхьа де дайъинарг Ӏай итт дийнахь меца лелла.
2. Аьхкенан дийно Ӏаьнан бутт кхобу.
3. Дечун куьг мукъа дац, цадечун мотт мукъа бац.
4. Буьйса йаьккхинчу хударо мотт Іамийна.
5. Нанна хьаж тӀехь сет хилча, бекъа йерриг чӀамара хилла.
6. Хох – исс дӀовш, саьрамсекх – исс дарба.
7. Йетт бахккалц а Ӏийна, кӀалдмарзаш а ца йууш вахана хьаша.
8. ДогӀa ца дилхича, хатт балац, йиш ца лекхча, халхавалалац.
9. Йетт бигначул тӀаьхьа зайл ца туху.
10. Шура-хударца Іамийна мотт кошан упханашца бен бицлур бац.
11. Собар – толаман меттамотт.
12. Меттан когаш бац, амма гена кхочу.
13. Божа сту ца беллачо беттачу аттах ваьккхина.